Skip to Content

Къоман дозалла

Март 26, 2017 Чеченский

Багалова Зулайн юбилей

Нохчийн къоман театральни искусствехь цхьа мур бу цуьнан башха кхолларалла. Дерриге а дахарна оьзда юкъ йихкина, халкъан а, мехкан а дуьхьа къахьоьгуш чекхъяьлла иза. Асет, Алпату, Бусана, ПетIамат, Бэла, Асель, Луиза, Зулай, Наси, иштта дIа кхин а, йийцина цаваллал дукха ю Нохчийн къоман театран сцени тIехь цо ловзийна ролаш. Царах хIора а роль хьовсархойн сих хьакхалуш ю, адамалле, къинхетаме, дикане кхойкхуш ю, дахаре безам кхуллуш, кханенах дегайовхо чIагIъеш ю. Пхийттара ялале еара иза театре балха. Цкъа а кIад ца луш, шен хьовсархойх йоккхаеш, къоман культура, хьаналчу къинхьегамца серла йохуш схьаеана иза таханене кхаччалц. 55 шо зама дIаелла Багалова Зулайс Нохчийн театрана. Вай массара шех дозалла дан хьакъ долуш, вайнехан тоьллачех цхьа актриса ю иза. Хьаьъна шовда санна йолу сирла кхолларалла езачарна мерза кхаъ бу и похIме актриса хIинца а театрехь болх беш хилар. Дала, могашалла латтош, оьмар яхйойла цуьнан. Декъалъеш, дог лаьттачу дикане кхачайойла Веза-Воккхачу Дала.

 

Мила хир ву вайн махкахь иза ца евзаш, цуьнан похIмех дозалла ца деш. Дукха жима йолуш еара Зулай къоман театре, амма кхидIа йолчу ханна цуьнан дерриге дахар сценица доьзна дара. Тахана РСФСР-н хьакъйолу артистка ю Багалова Зулай. Ткъа цкъа мацах, Iедал орцаха даьлла, хала ялийра иза театре… Вайнах Казахстанера цIабирзина мур бара иза. Кхойтта шарахь байлахь лаьттина Нохчийчоь юха денъяла эгIаза камIараш етташ яра. Кхин тоделла хьал дацара къоман театрехь. Дера Ленинградерчу театральни институте деша хьовсийна кегирхой а ма бара. Делахь а, уьш цIаберззалц болх ца беш Iойла дацара Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмтеатран. 1958-чу шарахь болх карлабаьккхинчу театро Ошаев Халидан пьеси тIехь «Асланбек Шерипов» цIе йолу спектакль хIоттийнера. Гуьржийн туьйра бухехь долу «Майра Кикила» цIе йолу спектакль карлаяьккхинера. Керла спектакль хIотто йолчу Iалашонца Гамзатов Расулан «Асет» цIе йолу поэма яра еша схьаэцна, инсценировка йина кечъеш. Делахь а, цу тIехь беш болу болх, ца догIучу дагца болийнера режиссераша Минаев Пётра, Горькая Лидияс. Дог ца даран шен бахьана дара. Коьртачу турпалхочун роль ловзо тамехь актриса яцара театрехь. И сингаттам бевзаш бара Нохч-ГIалгIайн культурин министерствехь, хьехархойн институтехь, КПСС-н обкомехь. Къоман театраца бала мел берг, массо а актриса лохуш, къоначу мехкаршка бIаьрг бетташ вара. Эххар а, кхаъ дагахь доцчуьра кхечира. Дала декъала войла иза, нохчийн меттан говзанча хиллачу Джамалханов Зайндис хабар-кост даийтира, ша болх бечу хьехархойн училищехь и тайпа йоI йолуш ю аьлла. Режиссераш Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище бахара. Уьш реза хилира йоIана. Нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а, ладогIархойн синакIоргене кховда ницкъ кхочуш, Iаламат говза стихаш йоьшура цо. Нуьцкъала аз дара. Хелха яла хаьара. Сцени тIехь товш хир йолуш яра. Дала схьаделла совгIат даркха. Иштта хетара режиссерашна. Амма йоIа театре ша йогIур яц, нанас йоуьйтур яц, – аьлла доцца хадийра къамел. ТIаккха гIаьттина дара лакхахь хьахийна и орца. Мокхаз гIап хилла дуьхьал яьлла Зулайн нана къарйира цу орцано. Иштта кхечира Багалова Нохчийн къоман театре. Бакъду, шен дуьххьарлера роль тIехдика ловзийра цо. Цу муьрехь арадевллачу газеташкахь дийцарехь, сцени тIехь къоначу йоIа йохучу дуьххьарлерчу гIулчаша а тоьшалла дора, кхунах дукха хан ялале халкъана а, махкана а евзаш похIме актриса хирг хиларна. Зулайн хеннара яра «Асет» спектаклехь кхуо къегина васт кхоьллина турпалхо. Амал а кхуьнчух тера йог1уш яра.
Ламанхойн гIиллакхех къилба дина хене

болучу доьзалехь хьалакхиийна яра иза. Цуьнан да жаIу вара, хьаналчу къинхьегамца доьзална напха латтош. Кавказан шира ламасташ хIайкал санна лардеш дара кхузахь. Хьаша-да тIеэцар сийлалла лорура. Балхана пе беттар осалалла хетара. Цкъа делла дош, эчигах яьккхина гериг санна, нуьцкъала дара. Асет дукха жима йолуш ехна яра юьртарчу кIантана, дас йоуьйтур ю аьлла дош деллера. Амма йоIана ца веза, цкъа мацах баккхийчеран барт хилла, шена къастийна жимха. Иза реза яц цуьнга маре яха. Асет итт класс чекхъяьккхина институте деша яха лууш ю. Ткъа дена ша деллачу дашна тIехь чекхвала лаьа. Декхар, синахьаам вовшашна бIостанехьа боьрзу. Холчохь ю коьрта турпалхо. Цунна чIоIа дукхавеза шен да, делахь а, цавезачуьнга а яхана, къаьхьчу кхолламе къона дахар хьашийта ца лаьа. И чолхе хьал Iаламат говза гайтира Багалова Зулайс. Спектаклан кульминаци нуьцкъала исбаьхьаллин тIеIаткъам болуш яра. Хьовсархошна хала дара бIаьрхиш совцо. Иштта езаш адамаша спектакль тIеэцаран бахьанин доккхах долу дакъа къоначу актрисин хьуьнарца доьзна дара. Иштта къегинчу басаршца кхоьллира цо Алпатун васт а. Мусаев Мохьмада язйинчу «Цхьана юьртахь» цIе йолчу пьеси тIехь, нохчийн къоман театро изза цIе йолуш хIоттийна спектакла юкъара дара и васт. Мелла а башхалла яра оцу шина ролана юкъахь. Асет шен ирсехьа къуьйсуш хиллехь, Алпату юьртан бахамерчу кхачамбацаршца къовсаме яьлла ю. Цхьана йоккхачу колхозехь мехкарийн тобанна куьйгаллехь ю Багалова Зулайн кху спектаклера турпалхо. Халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанал къахьега болчу лаамах богуш бу мехкарий. Амма колхозан куьйгалхо дикка гена ву кегийрхойн цIенчу ойланашна. Колхозан зовкх ша цхьаъ, председатель бахьанехь дебна моьттуш ву иза. Къайла гIур юй хиъча, хьарамлонех къаьхкаш вац. Совса цIе йолу хаза жеро ю, юкъ-кара дагах гилгаш дохуш, керлачу безаман доза доцчу аналле кхойкхуш. РСФСР-н халкъан артист Зубайраев ЯрагIи вара колхозан председателан Аптин роль ловзош. Зулай даима сапаргIат хуьлура, ЯрагIи сцени тIехь хилча. Белхан алсам зеделларг долуш волчу цо, хаддаза шен семачу тергонехь латтадора къоначу актрисин кхиар, оьшучохь гIо-накъосталлица орцах волуш. Самукъане спектакль яра «Цхьана юьртахь». Ира забар, цIена нохчийн мотт, зевне эшарш хиларна хьовсархоша езаш тIеэцнера. И спектакль бахьанехь вайн махкал арахьа а йовзар хилира Багалова Зулайн. «Театральная жизнь» цIе йолчу ерригсоюзни журнало йоккха статья тоьхнера шен агIонаш тIе, Нохч-ГIалгIайн театро хIоттийначу «Цхьана юьртахь» цIе йолу спектакль хестош. Коьртачу ролешкахь хиллачу Зубайраев ЯрагIин а, Багалова Зулайн а суьрташ долуш. Театральни институт чекхъяьккхина яцара аьлла, мел чолхе васташ кхолла, корматалла ца тоьаш цкъа а ца йисина актриса. Цуьнан дуьззина ткъа шо а дацара Нохчийн къоман театро М.Ю. Лермонтовн «Бэла» спектакль хIоттош. Хетарехь, режиссера Харлип Пётра къаьсттина Багалова Зулайн говзаллина тIейоьгIна хIотто билгалъяьккхина спектакль яра иза. Къегина похIма долчу актерийн тоба яра спектаклехь дакъалоцуш. Печорин Григорийн роль ловзош, цу муьрехь Ленинградехь кхиамца театральни институт чекхъяьккхина, цIавирзина Давлетмирзаев МутIелип вара. Максим Максимычан васт кхоьллинарг Зубайраев ЯрагIи вара, Бэлин васт кхоьллинарг Багалова Зулай яра. Кхузахь суна билгалдаккха лууш цхьа бакъдерг ду, «роль ловзайо» бохург цкъа а догIуш ца хилла актрисин сирлачу кхоллараллехь. Иза даима «ехаш» хилла муьлххачу шен турпалхочун дахарца. Иштта дара цо кхоьллина Бэлин васт а. Юьхьанца йоI къехка ларамза синкъераме нисвеллачу мехкан воцчу хьешах. Нуьцкъала ога хилла лаьтта цу шинна юкъахь кавказхойн оьзда гIиллакхаш. ЙоIа лардо шен децIийнан сий. Амма безам, цунна эгIаза дуьхьало ю-кх, мел луьста дуьйцинехь а декхарийн зIар. Цул сов Бэла ша ма ца йоьду, мел нуьцкъала безам къоначу кийрахь кхехкахь а, Печорине маре. Цунна ямартло йо шен вашас. Юьхьанца Печорина хаза дуьйцу, милла Iеха валлал. Оьрсийн эпсаран лела хааро хье дIаоьцу Бэлин. Къоначу дагчохь гIаьттина шовкъе безам хила там бу цунна бехке. И тайпа ойланаш карзах йохура Багалова Зулайс говза кхоьллинчу васто.

Вайнехан гIиллакхаш мел луьра делахь а, хьовсархошна ца лаьара Бэла бехке ян. Актрисин говзалла яра цунна орцаха яьлларг, массо а бехках а иза хьалха йохуш, цуьнан дакъазаллина декъа ийзош. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран кхузткъалгIачу шерийн юьххьехь дара Нохч-ГIалгIайн къоман театро, немцойн драматурган Ф. Шиллеран «Ямартло а, безам а» драми тIехь спектакль хIоттийча. Цу муьрехь театран коьрта режиссер хилла волу Вайнштейн Владимир вара и спектакль хIоттийнарг. ТIаьхьо нохчийн къоман дозалла хилла дIахIиттина къона артисташ бара спектакль сирлачу басаршца къагийна кхиаме кхачийнарш. Тахана РСФСР-н халкъан артист волу Давлетмирзаев МутIелип, РСФСР-н хьакъйолу артистка Исаева Асет, РСФСР-н хьакъйолу артистка Хаджиева Неля, Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Дениев Iальви, Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Хадзиев Мохьмад. Багалова Зулай – Миллер Луиза яра цу спектаклехь. ХVIII-гIа бIе шо. Кхаьънаш дахаро, питанаша, эладитанаша сийсош йолу Германи. Хьарамлонаша дебийна хьал – цхьаболчеран, доза доцу къелла – вукхеран. Лаьхьанийн уьйрагах таръеллачу цу туьшахь, кхелли тIе ларамза даьллачу кIайчу зезагах тера ю, къечу музыкантан йоI Миллер Луиза. Дагахь доцуш цунна вевза президентан кIант Фердинанд (артист Давлетмирзаев МутIелип). КIантана езало къечу бен чуьра йоI. Луизина хазахета жимчу стеган цIенчу безамах хьаьгна дог-ойла. Амма йоIана цкъачунна ца хаьа кIант хьенан, мила ву . Бакъду, дукха хан ялале, Фердинандан дена тосало, кIант хIора суьйранна къехойн куьпа лесташ хилар, Луизига цуьнан безам хилар. Дас дерриге до къоначийн безам, эладитнашца хьаьшна дIабаккха. Цуьнан аьтто болу цу тIехь. Ямартлоно Iовжайо Луиза. Амма йоьхьах-м ца йоккху. Цуьнгахь синаондалла ю, лекхачу ламанал лекха. Хьарамчу бахамал адамалла, къинхетам мехала хетачарех ю иза. Иштта гойтура Багалова Зулайс Миллер Луиза. Цундела хьовсархоша езаш тIеийцира романтизмах юьззина йолу Шиллеран турпалхо. Мел къона елахь а, спектаклан режиссеро шена хьалхахIоттийначу Iалашонца, даима санна тIехдика ларийра Зулай. Цуьнан кхолларалла езачарна гуш дара муьлхха васт кхолла хьуьнар долуш, корматаллин лаккхарчу тIегIанехь говзалла йолуш нохчийн къоман сцени тIехь актриса кхиъна хилар. КIезиг бацара цу заманахь, къаьсттина цо кхоьллинчу васте хьажа сатесна театре богIу хьовсархой а. Цуьнан хIора роль яра милла а йохье ваккха ницкъ кхочуш, дикане кхойкхуш, дахаре безам кхуллуш, сирлачу кханенах дегайовхо чIагIъеш. Царех лара мегар ду Багалова Зулайс Аселан васт кхоьллина Айтматов Чингисан повесть тIехь Нохчийн къоман театро хIоттийна «ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг» цIе йолу спектакль. Режиссера Харлип Пётра хIоттийначу оцу спектаклехь мехала кхин цхьа агIо а ю. Багалова Зулай санна, цуьнан хIусамда Идаев Юсуп вара «ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг» цIе йолчу спектаклехь коьртачех цхьа роль ловзош. Iаламат похIме актер вара Идаев Юсуп. Ленинградера театральни институт чекхъяьккхина цIайирзинчу кегирхойн тобанна юкъара вара иза, нохчийн къоман театран уггаре а тоьллачу актерех цхьаъ ларалуш. Дала декъала варг, дукха хьалхе вайна юкъара дIавахара иза. Бакъволу актер санна, сцени тIехь дIавелира 1985-чу шарахь. Бертахь болчу доьзалан ирсан гIад кагдеш, кхо бер байлахь дуьтуш, Багалова Зулайн бIаьргашчу, чаккхе йоцу гIайгIа Iанош. Амма и иэшам сел хьалхе кхочур бу аьлла цхьанна а дагахь дацара «ЦIен йовлакх тиллина сан акххтарг» цIе йолчу спектаклан премьерехь. Актрисас васт кхоьллина Асель, кхиъна догIуш зудабер ду, амма адамалла, болатан амал а гIеметта хIоьттинчу стагехь санна ю, акхтарган синтарх тера йолчу къоначу йоIехь. Цундела езало иза цхьана автобазехь болх беш волчу Ильясана (артист Идаев Юсуп). Асельна везало иза –лекха, товш, малх санна сирла велакъажар долуш, юкъ-кара, цхьана а кепара эвхьазалла йоцуш, забар ян хууш волу кIант. ГIиллаккхца, оьздангаллица, дечу къамелаца кхечу шоферех тера вац Ильяс. Автобазин диспетчер жеро Кадича ю безамца кIанте бIаьрг бетташ. Делахь а, Ильяса Асель хоржу, иза ялайо, шо шаре далале кIант хуьлу къоначу доьзалехь. Iанаоьхучу ирсан зIаьнаршлахь хене долуш ду деза шиъ. Амма цу ирсо корта хьовзабо Ильясан. Балхахь хеставар, карадогIу ахча, цIера кхерч серлабаькхина аганара кIант и дерриге шен хьуьнарца ду моттаделла пекъарна. Маларх кхета волавелла, наггахь Кадича йолчохь буьйса яккхар нисло. Юьхьанца собарца садетта Аселя, къаьхьа къурдаш деш. Багалова Зулайн ловзарехь, ца лаьа цунна, кога вахана валале цхьаъ бен воцу кIант бенах вохийна, дех хьего. Амма ца хуьлчу даьлча, Iаьржачу буса, шийлачу догIанехула арайолий дIайоьду иза, шен кIант марахьарчавой. ХIора зудчуьнгахь хила догIу доьналла, шен оьздачу синан сий лардар гойтуш йоккху турпалхочо и гIулч. Дехха тIараш детташ тIеоьцура хьовсархоша и мизансцена. Актрисин башхачу ловзаро исбаьхьаллин тIеIаткъам бора царна, дикане, нийсоне, адамалле кхойкхуш. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмтеатран кхиам ларалучех спектакль ю «ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг», оцу кхиаман доккхах долу дакъа Багалова Зулайн актерски таронаш бахьанехь дара. Хьовсархойн дегнашкахь массо ханна даха дисина оьздачу йоIан Аселян васт. Советийн Союзо фашизмана тIехь толам баьккхина ткъа шо кхочуш, вайнехан гIараваьлла вевзачу яздархочо Хамидов Iабдуллас «Лийрбоцурш» цIе йолу турпалаллин драма язйира. Советийн Союзан Турпалхочух Нурадилов Ханпашех яра и драма. Режиссера Хакишев Руслана изза цIе йолу спектакль хIоттийра къоман театрехь, Хамидовн пьеса бухе йиллина. РСФСР-н хьакъволу артист Омаев Дагун вара коьртачу ролехь. Ханпаш тIехьийзачу йоьIан Каметин роль яра режиссера Багалова Зулайх тешийнарг. Говза сурт хIоттош чулацаме васт дара актрисас цу спектаклехь гайтинарг. Шен ловзаран шовкъаца трагедига хьалайигира цо драма. Камета тешаме ю безамна. Цо дозалла до Ханпашин турпалчу амалх. Даймехкан хьанал йоI ю иза. ТIамна генарчу юьртахь Iаш елахь а, де-буьйса ца лоьруш къахьоьгу толаман де герга дало. Амма цунна и ган доьгIна ца хиллера. Зуламхойн карах ялар нисло Каметин, хьовсархойн дог Iовжош.

Нийса хир дацара Багалова Зулайн кхолларалла юьйцучохь, цо исбаьхьа ловзийна кхин цхьа роль ца хьахийча. Иза 1967-чу шарахь Хакишев Руслана хIоттийна «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолчу спектаклера роль ю. Хакишев Русланан дипломни спектакль яра иза, испанхойн поэт, драматург хиллачу Федерико Гарсия Лоркин, изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна. Леонардон ролехь Омаев Дагун вара. Нускалан ролехь РСФСР-н хьакъйолу артистка Хаджиева Неля яра. Багалова Зулай цу спектаклехь Леонардон хIусамнана яра. Сил дукхавеза цунна хIусамда, амма къевсина даьккхина, ларамза каракхаьчначу ирсо синтеме хила ца юьту. Иза дика кхета, кест-кеста буса набарха волий, ха хоьрцуш, хIусамдас доху даккхий синош, ша бахьанехь ца дохийла. Кхин ю цуьнан аьрха дог огуш, йицъяла ца туьгуш, синтемах ваьккхина ойланех хьерчаш. Кхеран-м кхуьуш кIант ву. Цунах мукъане Леонардо Iехаваларе сатуьйсу хIусамнанас. Амма схьахазош шога дош дацахь а, Леонардон мерза ойланаш цкъа мацах хиллачу шовкъечу безамца тилаелла, паналлехь нека деш ю. Эххар а, схьакхечи хIусамнанас сатийсина кхаъ; Леонардона цкъа мацах езнарг маре йоьдуш ю аьлла. Кхосса кечдина Iад санна юлало хIусамнана. Иза кхоьру хила тарлучух. Цунна дика вевза шен хIусамда. Цуьнгахь йолу къонахчун амал ю кхунна Леонардо везавалийтинарг а. Ткъа къонахаша шайн безаман ирс нахе ца кхочуьйту цкъа а, дуьне духуш латтахь а. Озийна пха санна яра актриса «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолчу спектаклехь. Цуьнан аьтто баьллера ховхачу безамах, ирсечу доьзалах хьоьгучу зудчун васт кхолла. Нохчийн къоман театрехь ша болх бечу 55 шарахь дуккха а ролаш ловзийна РСФСР-н хьакъйолчу артисткас Багалова Зулайс. Уьш хIора вайнехан театральни искусствон мах боцу беркат хилла дIахIиттина. Иза гойту халкъана, махкана актриса дукхаезаш хиларо. Иза хьуьнаре зуда хиларна къеггина тоьшалла, къоман театрехь бина болх хилла а ца Iа. Балхана юкъах ца йолуш цо чекхъяьккхина А.В. Луначарскийн цIарах йолу Москвара театральни институт. Хьалакхиийна кхо бер. Лакхахь билгал ма-даккхара, Нохч-ГIалгIайн халкъан артистана Идаев Юсупана тешаме хIусамнана хилла. Цул сов, Багалова Зулай кест-кеста хоржура Нохч-ГIалгIайн Лакхарчу Совете депутат.

Цуьнан Iаламат самукъадолура шен харжамхошца цхьаьнакхетарш дIахьош, церан сингаттамашна, гIайгIанашна ша орцах йолуш. Делахь а, цуьнан дахаран коьрта къилба Нохчийн къоман театр яра. Цунах цхьана а кепара шеко хир яц, цкъа мацах, Россин пачхьалкхан премин лауреат, профессор хиллачу Солцаев Мималта хIоттийна «БIешерийн боданера» цIе йолу спектакль гиначеран. ГIараваьлла вевзачу гIалгIайн яздархочо Базоркин Идриса изза цIе йолуш язйинчу романан инсценировка яра Нохчийн къоман театро хIоттийнарг. Царна цIе яххана вайнехан дукха артисташ бара цу спектаклехь дакъалоцуш. Коьртачу турпалхочун Калойн васт кхоьллинарг Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Марисултанов Iела вара. Ткъа Багалова Зулайс дукха говза Насин васт кхоьллира. ДагайогIий шуна, Чаборзан нана яра иза. Чаборз Калойна дукхаезаш хилла Зоро йигина жима стаг вара. Девне дала тарлуш дара и захало. Къевсина яьккхина шегара йоI Калойс цхьаьнгга юьгийтар яцара. Амма Насис, дагахьбоцчу машарца дIадерзийра и шогаллин кеп эцна гIуллакх. Вайнехан гIиллакхашца догIуш дацара Насис динарг ала тарло цхьаболчара. Хила там бу иза иштта а. Амма актрисин хьуьнар, говзалла, къегина похIма тоьира шен турпалхо бакъян. Уггаре а хьалха нана яра цу чордачу суьртехь вайна гинарг. Шен цхьаъ бен воцчу кIентан синпаргIато, маьрша кхане яра Насис ларйинарг.

Еххачу хенахь Нохчийн къоман театрехь болх беш Багалова Зулайс алссам ловзийначу ролех, цхьаерш бен яц тахана вай хьахийнарш. Цуьнан ерриге кхолларалла йийца йоккха роман язъян езар яра. Делахь а, кху деношкахь, 1945-чу шеран 2-чу июнехь дуьнен чу яьллачу Багалова Зулайн 70 шо кхочуш хилча, тхуна лиира, тхайна, нохчийн къоман сийлахь оьзда йоI дагайогIий а, цуьнан хьанал къинхьегам биц ца беллий а хаийта. Вайнехан къоман театран исторехь хиллачех тоьлла актриса ю Багалова Зулай. Дала оьмар яхйойла цуьнан. Дуккха а шерашкахь шен сирлачу кхоллараллица хьовсархойн дегнаш хьистинчу йоккхачу актрисин сий-пусар дан, Веза-Воккхачу Дала хьекъал, доьналла лойла вайна.

ГАЗИЕВА Аза

Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо

№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо

http://daymohk-gazet.ru

Предыдущий
Следующий

Ответить

Ваш email не будет опубликован Обязательное поле для заполнения *

*