Skip to Content

«Хьо цхьаъ вац»

Март 26, 2017 Чеченский

Умарова Асет, журналист, яздархо, суьрташдахкархо, Россин Федерацин культурин министерствон стипендиат, дуьнен чу яьлла 1985-чу шарахь ГIалмакхойчохь. БархI шо кхаьчна яра иза шен деца-ненаца цхьаьна Нохчийчу цIайирзича.

Суьрташ дахкар Асетана тIом болчу хенахь марзделира. Цу хенахь иза 4-чу классехь доьшуш яра. Шен суьрташкахь цо гуонахара хьал гойтура. Гуаш, фломастерш, къоламаш чекхдевллачул тIаьхьа, молханаш чохь долчу гIуткхи чохь «активированни уголь» карийна, цуьнца сурт диллира йоIа. Германехь хиллачу «Нохчийчоьнан бераш машарехьа ду» гайтамехь дакъа а лаьцна цо.

   Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин факультет чекхъяьккхина йоIа. Цуьнан белхаш Нохчийчохь бевзина  ца Iаш, республикин дозанал арахьа а бевзаш бу. Статьяш зорбане евлла Францехь, Гуьржийчохь, Эрмалойчохь, Великобританехь. Повесташ, дийцарш «Юность» «Звезда», «Дружба» журналийн агIонаш тIехь зорбатоьхна хилла. Цуьнан говзарш гуьржийн а, ингалсан а, италойн а меттанашка яьхна. Иштта театран сцени тIехь а гайтина цо шен похIма.

Жимачохь дуьйна а суьрташдахкархо хила лууш яра Асет. Цу хенахь цо ойла йора: – «Эшаршлакхархо я актриса хилча, жималла даима а ма ца лаьтта, хазалла а дIайолу. Оцу декъехь къахьоьгуш верг массо хенахь а жима а, хаза а хила ма веза… Ткъа суьрташдахкархочун суьрташка хьовсу,  иза ша гуш ца хуьлу. Хан мел ели а суьрташ хаза хир ду сан», – бохуш.ася умарова два мальчика

Ша сатийсина лаам кхочуш хилла Асетан. Нохчийчохь евзина а ца Iаш, республикин дозанал арахьа а евзаш суьрташдахкархо ю иза. Цуьнан дуьххьарлера гайтам 2009-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хилла. 2011-чу шарахь, Кавказийн халкъийн искусствийн институтехь шеран курсаш йохучу хенахь, Гуьржийчохь шолгIа гайтам хилла цуьнан. Европин пачхьалкхашкахь а, Iамаркехь а девзаш ду Асетан суьрташ. 2012-чу шарахь Италин пачхьалкхан шийтта гIалахь (Милан, Александрия, и.дI.кх.) хьовса аьтто хилла цуьнан суьрташка. Цигарчу бахархошна «Хьо цхьаъ вац» («Ты не один») цIе йолу сурт чIогIа хазахеттера. Цу тIехь шайн чуьра стигала хьалаоьхуш седарчий долу зурманаш локхуш жима ши кIант ву. Стаг ша висинчу хенахь, ваха меттиг йоцучохь, цо ойла ян ца оьшу ша цхьаъ хиларан. Цунна гуонаха и санна долу адамаш, стигал, седарчий, Iалам ду. Асетана цу суьртехула ала лууш дерг дара, адамашна шаьш цхьалха ма хетийла бохург. Италошна чIогIа хазахеттера цу суьртан ойла. Цигахь цхьана италочо эцнера и сурт.

«ХIоразза, хьалха дехкинчу суьрташка бIаьргтоьхча, беламе хета суна, – боху Асета. – ХIинца иштта суьрташ дохкур дацара ас. Айхьа бинчу белхашка хьаьжча, хьайн кхачамбацарш го хьуна. Цул т1аьхьа дохкуш долчу суьрташкахь уьш цахилийтарехьа къа а хьоьгу. Керла дуьллуш долу сурт кхечу тайпана хуьлу. Ткъа массо хенахь а цхьана метта лаьтташ волчун суьрташ цхьатерра хуьлу. Уггаре а коьртаниг – хIора дийнахь кхиа веза. Суьртийн хатI хуьйцуш хила деза, цу тIехь цхьа истори хилийта еза».  ася умарова море

Суьрташ сих-сиха ца дохку Асета. Дукха болх бо цо оцу ойлана тIехь. Масех сахьт деза цунна ойла ян. Цкъацкъа масех баттахь цхьа а идей йоцуш а нисло.

ПохIме суьрташдахкархо хилла а ца Iаш, Асет журналист, яздархо санна а евзаш ю. Цо тайп-тайпанчу конкурсашкахь толаман меттигаш яьхна. Дуккха а совгIаташ а делла цунна. Нохчийн пачхьалкхан ниверситетан студентка йолчу хенахь грант яьккхина цо.

 

Л.ИБРАГИМОВА

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 9-гIа де, 2016 шо

http://daymohk-gazet.ru

Предыдущий
Следующий

Ответить

Ваш email не будет опубликован Обязательное поле для заполнения *

*